Гуьржийчоь — Википеди
Чулацаман тӀегӀо
41°41′
къ.
ш. 43°44′
м.
д.
Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ХӀокху версин
хийцам бина кепаш/файлаш
теллина йу
ЧӀагӀйелла верси
теллина йара
2026, 9 февраль
ХӀокху терминан кхин а маьӀнаш ду, хьажа
Гуьржийчоь (маьӀнаш)
Гуьржийчоь
საქართველო
Байракх
ХӀост
Девиз
«Ницкъ марталлехь бу
гуьрж.
ძალა ერთობაშია
Гуьржийчоьнан Шатлакхан Илли
Маьрша йаьлла терахьаш
1918 шеран
26 майхь
ЧКДФР
1991 шеран
9 апрелехь
ССРСх
* 1
.)
Официалан мотт
гуьржийн
* 2
Коьрта гӀала
Тиблиси
Йаккхий гӀаланаш
Тиблиси
Кутаиси
Батуми
Рустави
Зугдиди
Гори
Поти
Сухуми
* 3
Цхинвали
* 4
Урхаллин тайпа
парламентан республика
Президент
Премьер-министр
Парламентан
спикер
Саломе Зурабишвили
Георгий Гахария
Арчил Талаквадзе
Латта
Шадерг
69 700 км²
* 5
км²
121-гӀа дуьненахь
Бахархой
Мах хадор (2018)
3 729 600
* 6
стаг
Ларар (2014)
3 713 804
* 6
стаг
ДЧС
НЭТ
Шадерг (2014)
37,209 млрд
* 6
26,626 млрд.
долл.
110-гӀа
ХӀораннан а сина
9172
* 6
долл.
ДЧС
(номинал)
Берриг (2018)
15,5 млрд
долл.
ХӀораннан а сина
4068
* 6
долл.
АДКИ
(2019)
0,786
лакхара
70-гӀа
меттиг
Ахча
Лари
GEL, код 981
Интернет-домен
.ge
Код ISO
GE
Код МОК
GEO
Телефонан код
+995
Сахьтан аса
+4
Автомобилийн некъаш
аьтту агӀора
[вд]
Викиларми чохь медиафайлаш
Гуьржийчоь
10
гуьрж.
საქართველო
[sɑkʰɑrtʰvɛlɔ]
Сакартве́ло
) —
Чоьхьара Кавказан
малхбуза декъехь
Ӏаьржа хӀордан
малхбален бердашца
лаьтта
пачхьалкх
11
12
13
14
, йукъайоьду
Хьалхара Азин
а,
Гергара Малхбален
* 7
; хьовсу цуьнга цкъаццӀа
Европин
а,
Азин
а дозанер мехке санна
* 8
, наггахь — таханлера Европин дакъа санна
27
Официалан 2014 шеран
бахархой багарбаран
жамӀашца Гуьржийчохь веха 3 713 804 стаг
* 6
(2018 шо долалуш мах хадорца — 3 729 600 стаг
* 6
), мохк — 69 700 км²
* 9
Дуьненахь 131-гӀа меттигехь йу бахархойн барамца
«Дехьадалар» кепан чоьхьахь билгалабаьккхина «back» боцу кхин шолгӀа параметр.
119-гӀа майданца
«Дехьадалар» кепан чоьхьахь билгалабаьккхина «back» боцу кхин шолгӀа параметр.
Коьрта шахьар —
Тиблиси
. Пачхьалкхан мотт —
гуьржийн
Гуьржийчоь —
урхаллин ийна кепара
унитаран пачхьалкх
. 2018 шеран 16 декабрехь Гуьржийчоьнан президентан дарж дӀалаьцна
Зурабишвили Саломе
с, премьер-министр 2019 шеран 8 сентябрехь дуьйна
Георгий Гахария
ву.
«Дехьадалар» кепан чоьхьахь билгалабаьккхина «back» боцу кхин шолгӀа параметр.
Конституцица
Гуьржийчоьнан йукъайогӀу 2 автономин республика, 9 мохк, цаьрца нисйина коьрта шахьар а.
«Дехьадалар» кепан чоьхьахь билгалабаьккхина «back» боцу кхин шолгӀа параметр.
Гуьржийчоьн малхбузехьа
Ӏаьржа хӀордан
хиш ду; малхбалехьа а, къилбаседехьа а
Российца
доза ду, къилбехьа
Эрмалойчоьнца
а,
Туркойчоьнца
а, къилба-малхбалехьа
Азербайджанца
Абхазин
а,
Цхинвалин регионан
а мехкаш
де-факто
урхалла деш дац гуьржийн правительство, цуо,
ОБСЕ Парламентан ассамблейс
АЦШс
Европин комиссис
28
* 10
30
мах хадабо
Российс
оккупаци йина
Гуьржийчоьнан дакъа санна. Российс, Никарагуас, Наурус, Венесуэлас
31
32
, Шемас
33
34
къобал дина уьш,
Республика Абхази
а,
Республика Къилба ХӀирийчоь/Алани
а пачхьалкхаш
Гуьржийчоьнах маьрша хилар
Этимологи
Коьрта йаззам:
Гуьржийчоьнан цӀе
Венецин
гӀараваьллачу картографан
Фра Маурон
картин тӀехь «Горгани».
Гуьржийчоьнан
эндоним
(«საქართველო,
Сакартвело
» — «
картвелийн
мохк») хьалайоьду
Картли
гуьрж.
ქართლი
) цӀере — Гуьржийчоьнан историн-географин областех коьртачех цхьаъ а,
картвелийн
паччахьаллин ага а
35
. Гуьржийчоьнан цӀе
ингалсан маттахь
— «
Georgia
», схьагарехь, схьайолу
сий. Георгих
, иза хӀокху мехкашкахь лераме хиларна
36
, ткъа кхин а доьзна ду, Сийлахь Георгий Гуьржийчоьнан доладийриг лору дера —
йуккъера бӀешерашкахь
Гуьржийчоьнан махкахь 365 килса йара Сийлахь Георгийн цӀарах. Оьрсийн а, кхин цхьа могӀа меттанашкахь хӀоьттина
«Грузия»
цӀе, схьайаьллачух тера ду «
Гурджан
», йа «
Гурзан
Ӏаьрбийн
гӀажарийн
хьосташкара. И цӀераш схьевлла лору Ӏаьбийн-гӀажарийн
гурдж
Гурджистан
— «берзалойн мохк»), хьаладоьду гӀажарийн деше
горг
«борз», уьйр йу
ширагӀажарийн
Вркан
37
дашца. Гуьржийчоь
эрмалойн маттахь
— «Վրաստան» (
Врастан
), ширачу заманахь — «Վիրք» (
Вирк
), гочдича «Лакхара мохк» бохург ду.
Пачхьалкхан символаш
Байракх
Коьрта йаззам:
Гуьржийчоьнан байракх
Таханлера байракх тӀеэцна 2004 шеран 14 январехь башхачу «Байракхах законца»
38
, цунна чохь, масала, байракха схема ло шеен пропорцешца. Йохаллин а, шораллин а барам — 3:2. ЖӀаран шоралла кӀадин шораллин 1/5 дакъа.
ХӀост
Коьрта йаззам:
Гуьржийчоьнан хӀост
Гуьржийчоьнан
хӀост
мехкан пачхьалкхан символ йу. Таханлера хӀост тӀеэцна 2004 шеран 1 октябрехь. Иза цӀийечу бесан турс ду тӀехь Гуьржийчоьнан доладе бохучу
Сийлахь Георгийн
, говрахь, чӀуца саьрмак буьйш, детин куц долуш. Турсан тӀехула дешийн
таж
йу, и лаьцна ду дешийн ши
лом
. Турс бухахь аса йу девизца «Ницкъ марталлехь бу» аьлла. ХӀостан бух боьгӀна йуккъерачу бӀешерийн гуьржийн паччахьан
БагратионгӀеран (Багратиони)
цӀийнан хӀостах.
Шатлакхан илли
Коьрта йаззам:
Гуьржийчоьнан шатлакхан илли
Гуьржийчоьнан таханлера шатлакхан илли «Тависуплеба» тӀеэцна 2004 майхь
39
, цуьнан музыка эцна
Палиашвили Захарийн
(1871—1933) шина
оперера
— «
Даиси
» («МаьркӀаже») а, «Абесалом а, Этери а», текстан автор — хӀокху заман гуьржийн поэт
Маградзе Давид
, цуо лелийна гуьржийн поэтийн-классикийн
Церетели Акакийн
Пшавела Важийн
Орбелиани Григолан
Табидзе Галактионан
байташна йукъара цитаташ.
Истори
Коьрта йаззам:
Гуьржийчоьнан истори
Шира мур
Коьрта йаззам:
Исторел хьалхара Гуьржийчоь
Вайн эрал 1,8—1,6 млн шо хьалха хӀинцалерачу Гуьржийчоьнан махкахь даьхна
Homo erectus georgicus
40
41
42
— еллачу
Homo erectus
кепан бухара кеп
43
Homo erectus georgicus
ца хилла хӀинцалерачу адамийн дайх.
Пачхьалкхел хьалхара мур а, этногенез а
Гуьржийчоьнан исторехь коьрта роль ловзийра
шира картвелийн тайпанаша
. Шира картвелаш охьахевшина бара шуьйра махкахь, цуо дӀалоцура ерриг цхьацца регионаш, Гуьржийчоь а, къилбаседа-малхбален Туркойчоь (
Тао
Лазистан
Кларджети
) а, къилбаседа Эрмалойчоь (
Лори
) а, Россин ӀаьржахӀордан бердйист (
Сочин кӀошт
) а, ткъа иштта
малхбуза Азербайджанан
дакъа (
Эрети
). Дукхаха болу бакхий талламхой-
картвелологаша
44
лору, шира картвелаш баьхна дуьххьарлера (VI - IV эзар шо вайн эрал хьалхара) ареал а,
шира даймохк
а къилбаседа Месопотамин тӀиера
Къилбаседа Кавказан
даккъаш тӀекхаччалц болу мохк хилар, иза билгала доккхуш леладо академикан
Джанашия Симон Николозовичан
термин «Хатта-Субарети»
45
. Амма вайн эрал хьалхара IV эз. шарахь,
хурройн
семигӀеран
шумерийн
тайпанаш
тӀелатар бахьнехь,
картвелийн цивилизацин
цхьа кхерч бен ца бисира –
Къилба Кавказ
Воккха
картвелологан
Чикобава Арнольдан
хетарехь, вайн эрал хьалхара III эзарлагӀа шерашкахь цӀеххьана беха меттиг жимъелла цхьаъ хилла йолу картвелийн йукъаралло шайн консолидации яйира. Уггаре хьалха иза гойту шира картвелаш буьйцуш хилла
шира картвелийн мотт
хийцабаларо: картвелийн тайпанашна йукъахь уьйр талхар йа ца хилар бахьнехь, царна йукъара диалектийн башхаллаш чӀагӀъйелира, меттагеннаш йукъадевлира.
Шира картвелийн этно-меттан
дивергенци
хиллачул тӀаьхьа кхоллайелира
сванийн
(къилбаседа а, малхбуза а Гуьржийчоь) а,
карто
-занийн
(къилба, йуккъера, малхбален Гуьржийчоь) а тайпанийн тобанаш, цара тӀаьхьа мехкан латтанаш тӀехь кхолла йолийра дуьххьарлера пачхьалкхан цхьаьнакхетараллаш (
Диаоха
Колхида
Забаха
), гуьржийн къам кхолладаран процессехь уьш коьрта элементаш хилира
46
Хьалхара пачхьалкхаш а, шира мур а
Вайн эрал хьалхара III эз. шераш чекхдовлуш буьйхира картвелийн тайпанийн тайпанан-некъийн хӀоттам, уьш дехьабевлира
тӀеман демократин
тӀиера кхиинчу тайпанийн берташна тӀе, ткъа вайн эрал хьалхара II эз. шерашна йуккъехь шира картвелаш дехьабовлу хьалхарчу пачхьалкхийн тӀегӀане
47
Уггаре хьалхарчех а, яккхийчех а Гуьржийчоьнан хӀинцалера махкахь лаьттина пачхьалкхан кхолламаш бу:
Диаоха
(Диаэни
48
, Диаухи
49
) къилба Гуьржийчохь,
Колха
(Колхида
50
, Килхи
51
, Кулха
52
) малхбузен Гуьржийчохь (
Мегрели
Абхази
Аджари
Гури
Имерети
Сванети
),
Забаха
къилба-малхбален Гуьржийчохь (
Самцхе-Джавахети
). Оцу цхьаьнакхетарша гуьржийн пачхьалкхалла кхиорехь ладаме роль ловзийна. Таханлера Гуьржийчоьнан историн-административан декъадалар нисло
Диаохин
Колхин
Забахин
дозанашца, цуо гойту билгалъялла когаметталла.
Вайн эрал 845 шо хьалха хуьлу
Салманасар III
-гӀа паччахь коьртехь а волуш
ассирихой
шозлагӀа тӀелета
Диаохан
паччахьна
Асиан
Колха
ан, Диаохан а цхьацца меттигаш Ассирин куьйгакӀела йоьда. Вайн эрал 810 - 763 шераш хьалхарчу муьрехь керла кхоьллинчу
хурритийн
пачхьалкхийн
Урарту
Менуа
Аргишти
паччахьаш къиза тӀемаш до Диаохаца а, Колхица а; вайн эрал 810 - 770 шераш хьалхарчу муьрехь
Урартун
паччахьо
Утуфурсиса
аннекси йо къилба областашна Диаохин а, Забахан а.
Вайн эрал 750 шо хьалха Колхо схьайоккху Диаоха, болабо беха тӀом хурритийн пачхьалкхаца
Урартуца
. Вайн эрал VII бӀешо хьалха
киммерихой
тӀелатар бахьнехь Колхида чӀогӀа гӀелло, Урарту а, Ассири а гуттаренна хӀаллакйо.
Вайн эрал VI бӀешо хьалха
Ахеменидийн империно
схьайоккху къилба Колхида, йолало грекийн колонизаци. Вайн эрал V бӀешо хьалха, хӀинцалерачу малхбуза Гуьржийчоьнан махкахь, кхоллало керла
Колхидан пачхьалкх
Эгриси
), иза лаьттира вайн эрал IV бӀешо хьалхара мур кхаччалц.
43
Вайн эрал IV—III бӀешо хьалха хӀинцалерачу малхбален Гуьржийчоьнан махкахь кхоллало
Иберийн паччахьалла
(Картли) (иза лаьттина VI бӀешо кхаччалц)
43
* 11
. Вайн эрал 229 шо хьалха долало Иберийн некъийн паччахьийн урхалла, цара урхалла до вайн эрал 299 шо хьалхара вайн эран 580 шо кхаччалц.
43
Вайн эрал 65 шо хьалха
руман
баьчча
Помпей
эскарца тӀелетира
Иберийн паччахьаллин
43
Вайн эран I бӀешарахь, меттигерачу Ӏадаташца, сахьаба
Андрей Первозваннис
Гуьржийчоьнна чудохьу
керсталла
, кхуллу
ГПК
35 шарахь
Картлин
эскар тӀелета
Эрмалойчоьнна
; эрмалойн Ӏарш тӀе паччахь хиира Картли паччахьан Фарсманан ваша — Митридат
43
. 63 шарахь Колхида
Руман империн
йукъайахара
43
331 шарахь
сийлахь Нинин
белхашца керсталла Иверин пачхьалкхан дин кхайкхийра
43
IV—VI бӀешерашкахь Колхида лаьттинчу махкахь чӀагӀло
Лазийн паччахьалла
; цуо шен куьйгакӀела балабо къилбаседа Колхидан
адыгийн
керла кхолламаш (
Абазги
Апсили
43
. 482—484 шерашкахь паччахь
Вахтанг I Горгасал
(безчу нахан йукъатоьхна волу) гӀотту СасанидгӀарна дуьхьала
43
{{ref+|Вахтанг I Хосроид (440—502 гергара шераш) — V бӀешеран шолгӀачу декъера Иберин/Иверин паччахь, гуьржийн пачхьалкхан бух билланчех цхьаъ. Митридат V-гӀачун кӀан ХосроидгӀеран (Хосровани) некъех ву. Цуьнан кунья «горгасал» хилла, иза гочдо гӀажарийн маттара «берзан корта» олий (цуьнан тӀеман куьйн кеп бахьнехь).
542 шарахь болало
Иранна
а,
Византийна
а йукъара «
Боккха тӀом
43
, иза чекхболу 562 шарахь.
608 шарахь килса йекъало
Гуьржийн
а,
Эрмалойн
а килсанашка
43
627 шарахь
Византийн
императоро Ираклийс гуо лоцу
Тиблисин
43
, ткъа шолгӀачу шарахь гӀала йоккху
гӀажарша
43
654 шарахь
Ӏаьрбийн халифатаца
бертан куьг йаздо, цунна цӀе йелла «Бакъо ларъен грамота»
43
Йуккъера бӀешераш
735 шарахь Ӏаьрбийн баьччо
Марван II ибн Мухьаммада
(Марван Къораниг) тӀелетира Гуьржийчоьнна; иза гӀертара Эгрисихуьла ГӀазарчу дехьа а ваьлла, из ахӀаллакъян
43
, цхьа могӀа мехкаш Ӏаьрбийн куьйгакӀела дахара. 736 шарахь кхоьллира
Тиблисин эмират
исламан
пачхьалкхан кхоллам
Ӏаьрбийн халифатан
эгидехь. Тиблисин эмиратан урхалла дира хьалха ШуӀабгӀеран некъаша (
ОмиягӀеран некъийн гар
), ткъа цул тӀаьхьа, эмира СаӀака шена дарж тӀерадаьккхинчул тӀаьхьа, уьш хийцира
ДжафаргӀеран
некъаша. 786 шарахь Лазийн паччахьалла цхьаьнакхета
Абазойчоьнца
, кхуллу
Абхазийн паччахьалла
813 шарахь
Ашот I Куропалата
кхуллу
Тао-Кларджети олалла
53
853 шарахь Тиблиси схьайоккху коьртехь
БугӀа-Тюрк
волу Ӏаьрбийн эскарша
43
888 шарахь
Адарнасе IV Багратионис
метахӀоттийрв гуьржийн монархи
54
55
, цуьнца цхьаьна тӀеэцна «
Картвелийн паччахьан
» дарж.
Ошкера
Давид III
-гӀачун сурт.
914 шеран эмир
Абул-Къасим
чувоьда къилба а, малхбален а Гуьржийчу
43
979 шарахь
Давид III Куропалатан
гӀоьнца охьатаӀийна
Варда Склиран
Василий II-гӀачун дуьхьала гӀаттам
43
1008—1010 шерашкахь паччахьо
Баграт III
-гӀачо кхуллу
Цхьаьнатоьхна Гуьржийн паччахьалла
, 1010 шарахь
Кахети
а,
Эрети
а тӀетоьхна
43
1023 шарахь Гуьржийчоьнна а, Византийна а йукъахь машаран барт бина, амма 1028 шарахь йуха а
Византи
Гуьржийчоьнна тӀелета
43
1064 а, 1068 а
сельджукаш
шозза Гуьржийчоьнна тӀелета
43
1073 шарахь
феодалаш
гӀовтту
Георгий II-гӀачун
дуьхьала
43
1083 шарахь Георгий II-гӀаниг волавелла ял йала
сельджукашна
, 1099 шарахь
Давид IV ГӀишлошйархочо
сацийна луш йолу ял
43
Давид ГӀишлошйархо
, Гуьржийчоьнан йуккъера бӀешерийн уггаре гӀарабевллвчу пачхьалкхан гӀуллакххойх цхьаъ, цуо хьесап дина гуьржийн олаллаш цхьаьна пачхьалкхе вовшахтохарна.
1104 году шарахь
Давид IV ГӀишлошйархочо
кхойкху
Руис-Урбнисин гулам
; 1106 шарахь йан йолийра
Гелатин килс
43
1110 шарахь
туркойх-сельджукех
мукъайаьккхира
Самшвилде
, 1115 шарахь —
Рустави
, 1117 шарахь —
Гиши
, 1118 шарахь — Лоре. 1121 шеран 12 августехь сельджукийн эскар эишийра гуьржаша
Дидгоран тӀамехь
, кхин дӀа 1122 шарахь туркойх-сельджукех мукъа йаьккхира Тиблиси, 1123 шарахь —
Дманиси
1210 шарахь Гуьржийчоь тӀелета къилбаседан
Ираннан
. 1220 шарахь дуьххьара Гуьржийчу богӀу
монголаш
. 1226 шарахь Тиблиси дӀалоцу
хорезмшахо
Джалаладдин
1266 шарахь
Самцхе
олалла дӀакъаьста Гуьржийчоьнах.
1386 - 1403 шерашкахь
АстагӀа Тимара
цхьа могӀа дерриг хӀаллакдаран тӀемаш латтийра Гуьржийчоьнна дуьхьала
43
. 1403 шарахь АстагӀа Тимарас а,
Георгий VII
-гӀачо а машаран барт бира
43
XV—XVIII бӀешераш
XV бӀешарахь Гуьржийчоь йуьсу бусалбанийн мехкашна йуккъехь, фактехь къевлина хиларна, къенло. Цхьаьнатоьхна Гуьржийчоьнан тӀаьххьара паччахь хилира
Георгий VIII
-гӀа; кхин дӀа Гуьржийчоь йуху кегийра пачхьалкхашка:
Картлин паччахьалла
Кахетин паччахьалла
Имеретин паччахьалла
, Самцхе-Джавахети.
XVI бӀешарахь хӀинцалера Гуьржийчоьнан мехках
Ӏусман империн
а, сефевидгӀеран Иранан а дуьхь-дуьхьала латтаран аре хуьлу; 1578 - 1590 шерашкахь боьду туркойн-гӀажарийн тӀом
Чоьхьара Кавказан
доладархьама, жамӀехь Чоьхьара Кавказ йойу ГӀажарчоьно. ТӀаккха а, кхин дӀа, 1597 шарахь,
Шах-Ӏаббаса
лохку туркой Гуьржийчура а, Кавказера а, ткъа 1599 шарахь мукъайолу Ӏусманех
Горин
гӀап
43
Россин империн йукъахь
Эла
Багратион Пётр Иванович
XVIII бӀешарахь Гуьржийчоьнан урхалчаш гӀиртира мохк денбан а, исламан пачхьалкхийн Ӏедалан кӀелара иза мукъабаккха а. Бакхий административан, законшкхолларан, тӀеман, бахаман хийцамаш бира Картлехь
Вахтанг VI
-гӀачо. Оцу хенахь жигара йовлу чӀогӀа гергара политикин а, оьздангаллин а, килсан а зӀенаш Россией. Гуьржийн урхалчаш масийттаза дехар дира оьрсийн правительстве цхьаьна дуьхьало яйта Ӏусманан империн а, Иранан а дуьхьала. XVII бӀешо чекхдолуш Москохахь гулйелира гуьржийн колони, цара ладаме роль ловзийра оьрсийн-гуьржийн йукъаметтигаш тоеш. 1723 шарахь ӀусмангӀеран эскарша Тиблиси схьайаьккхинчул тӀаьхьа Вахтанг VI-гӀа а, цуьнан агӀончаш а кхелхира Россех.
1780 шарахь бахархой багарбарца, Гуьржийчуьра гуьржийн бахархой 675 эзар вара
56
1783 шарахь куьг йаздира Георгийн трактатан.
1795 шарахь хилира
Крцанисин тӀом
, цигахь
Ираклий II-гӀачун а
а,
Имеретин
паччахь
Соломон II
-гӀачун а эскарша леташ дара коьртехь
Ага-Мухьаммад хан
волу гӀажарийн эскарна дуьхьала, бахьна хилира Ираклийс шена Ага-Мухьаммад хана тӀедиллина
Картли-Кахетин паччахьаллин
а, Россин империн йукъахь бина барт бохон реза ца хилар. Ницкъаш цхьатерра дацара, тӀамехь берриг аьлча санна гуьржийн тӀемлой белира, дукха хан йаллале Тиблиси ерриг схьа а йаьккхина, хӀаллакйира
57
Тиблиси
, 1859 шо
1801 шарахь
Александр I
-чо манифест арахоьцу, цуьнца
Картли-Кахетин паччахьалла
дӀадоккху. 1809 шарахь оьрсийн эскаро дӀалоцу
Поти
а,
Кутаиси
а, 1811 шарахь —
Ахалкалаки
, оццу шарахь дӀайоккху Гуьржийн Килсан автокефали
43
Экономика
Арахьара экономикин зӀенаш
Гуьржийчоьнан арахьа махлелоран харц балансан амал йу, импорт масеххаза сов йу экспортал
58
59
2017
60
шарахь Гуьржийчуьра экспорт йира $ 3,21 млрд, импорт йира — $ 8,08 млрд. Коьрта экспортан сурсаташ: маьӀданаш, металлаш а,
лаламаш
а (механ 38
% гергга), дааран сурсаташ а, маларш а (царна йукъахь чагӀарш а) — 16,3
%, химин сурсаташ — 10,7
%, текстиль — 6,35
%. Коьрта импортан сурсаташ: машенаш а, гӀирсаш а — 17,8
%, химикаташ — 10,2
%, транспортан гӀирсаш — 9
%,
мехкдаьттасурсаташ
— 8,7
%, кечдина металл а, металлан аьргалла а — 7,2
%.
Коьрта арахьа махлелоран пачхьалкх (2013 шарахь) йу
Туркойчоь
, цаьрца 2007 шарахь дуьйна Гуьржийчоьнан паргӀата махлелоран барт бу. Цу тӀе Гуьржийчоь туркойн сурсаташ дохкаран базар а йу. 2013 шарахь туркойн Гуьржийчу йолу экспорт хилира $ 1,34 млрд, ткъа гуьржийн экспорт Туркойчу $ 182,8 млн бен йац
61
. Гуьржийчоьнан шолгӀа махлелоран накъост (2013 шеран жамӀашца $ 1,34 млрд) йу
Азербайджан
, цуьнца махлелоран алсама балансан амал йолуш йу. 2013 шарахь Гуьржийчуьра Азербайджане йолу экспорт — $ 710,3 млн, ткъа импорт — $ 638,1 млн
62
. Ладаме накъост йу
ЦХР
, 2011 шарахь цуьнца сурсаташ хьийзор хилира $ 553 млн
63
Валюта
Коьрта йаззам:
Гуьржийн лари
200 гуьржийн лари
Гуьржийн махкахь официалан
ахча
ду
лари
ISO валютин код 4217
— GEL. Ахча йукъахецна 1995 шарахь
Э. Шеварднадзен
урхаллин муьрехь. 1 лари = 100
тетри
(кӀайниг). Тахана лелаш ду
нахарташ
1, 2, 5, 10, 20, 50 тетри, 1 лари, 2 лари мах болуш,
банкнота
5, 10, 20, 50, 100, 200 лари мах болуш. Кхин а
Гуьржийчоьнан къоман банко
арахоьцу коллекцин (иэсан терхьашна лерина) а, тайп-тайпана инвестицин нахарташ а.
1993 шеран 5 апрелера 1995 шеран 2 октябрь кхаччалц Гуьржийчоьнан валюта дара
купон лари
, 1993 шеран 20 августехь иза бен лелаш дацара гуьржийн махкахь
64
Валютан курс
йуьхьанца дӀанисйира
Россин соьмаца
, цуьнца хийцина а дара иза. Ара ца хоьцура 1 тӀера
1 000 000
кхаччалц бен купонаш (царна йукъахь дика стандарт йоцурш а дара: 3, 3000 а,
30 000
а,
150 000
йара). Купон ларин
гиперинфляци
хилира (678,4
% 1995 шарахь
65
), тӀаккха хийцира керлачу къоман валютица — гуьржийн ларица коэффициент
1 000 000
: 1 йолуш.
Оьздангалла
Коьрта йаззам:
Гуьржийчоьнан оьздангалла
Астрономехь
Гуьржийчоьнна сийнна
(781) Картвели
цӀе йелла 1914 шарахь Россин (советийн) астрономо
Неуймин Григорис
дӀайиллинчу
астероидна
, иза йара неуймин винчу мехкан цӀе.
Хьаьжа кхин а
Гуьржийчоь
Билгалдахарш
Комменташ
1991 шеран 9 апрель лору Гуьржийчоьнан пачхьалкхан маршо метахӀотторан де, ткъа маршонан де даздо
1918 шеран
26 майхь
Гуьржийн Демократин Республика
кхайкхийначу дийнахь. 1922 - 1936 шерашкахь
ЧКСФСР
, ткъа 1936-1991 шерашкахь
ССРС
йукъахь хилла йолу
Гуьржийн ССР
, иштта лору
Гуьржийн Демократин Республикин
когаметтаерг, амма иза цхьаьна ца догӀу Гуьржийчоьнан официала нагӀонца (хьажа дакъа
Когаметталлин гӀуллакх
Абхазийн меттан
йу номиналан официалан статус
Абхазийн АР
махкахь, ткъа цунна Гуьржийчоь доладеш йац ССРС йоьхчахьа, факт йу
Республика Абхазийчоь
цхьаццамма къобал йина пачхьалкх хилар.
Гуьржийчоьнан малхбузера
Самегрело-Лакхара Сванети
а,
Рача-Лечхуми а, Лахара Сванети а
мехкашкахь даьржина
мегрелийн
а,
сванийн
меттанаш, Гуьржийчоьно лору официалан гуьржийн меттан дакъош (диалекташ), амма йукъадоьду тайп-тайпанчу
картвелийн меттанийн
тобанашна
ХӀара нах беха меттиг лаьтта
Абхазехь
Гуьржийчоьнан конституцица
, Абхази Гуьржийчоьнан дакъа ду
автономин республикин
даржехь. Фактаца Абхази йу
цхьаццамма къобал йина пачхьалкх
, цуьнан мохк доладеш бац Гуьржийчоьно.
ХӀара нах беха меттиг лаьтта
Къилба ХӀирийчохь
Гуьржийчоьнан конституцица
, Къилба ХӀирийчоь Гуьржийчоьнан дакъа ду. Фактаца Къилба ХӀирийчоь йу
цхьаццамма къобал йина пачхьалкх
, цуьнан мохк доладеш бац Гуьржийчоьно.
Цхьаццамма къобал йинчу пачхьалкхашца
Абхазица
(8600 км²) а,
Къилба ХӀирийчоьнца
(3900 км²) а цхьаьна; уьш йоцуш — 57 200 км².
Абхази
а,
Къилба ХӀирийчоь
а йоцуш.
Нагахь Британнико
15
къобалден
Европин-Азин доза
Кума-Манычан аган
чухула даккхахь, Гуьржийчоь ерриг лаьтта
Хьалхарчу Азехь
ВКЪКХс
статистикин Ӏалашонна Гуьржийчоьнна классификаци йо «
Малхбуза Ази
» регионан дакъа санна
16
. Шен справочникехь
ЦТУс
Гуьржийчоь йукъайохуьйту
Гергара Малхбален
Къилба-Малхбуза Азин
), билгаладоккху Европе йоьдуш йолу Кавказан къилбаседехьара лаьттан аса, могийта Европин, Гергара Малхбален, йа шине а
17
. ГӀарадаьлла Ӏилманан-довзийтаран
National Geographic
журнало иштта Гуьржийчоь йукъатуху Азин мехкашна, къастайо Европе цхьа аса.
18
19
Дукхаха йолчу ингалс меттан хьосташ мохк йукъатуху
Гергара Малхбален
18
19
20
йа мехкан къилбаседа дакъа
Малхбален Европин
, йисинарг Хьалхарчу Азин
21
22
23
24
BBC
дуьйцу, Гуьржийчоь лаьтта «Европин а, Азин а дозанехь» бохуш, амма коьртехь йаздина Гуьржийчоь Европехь
25
йу аьлла, цу тӀе
BBC Оьрсийн ГӀуллакхо
Гуьржийчоьнан классификаци йо
Еврази
категорин
26
Цунна йукъхахь цхьаццамма къобалйина пачхьалкхаш
Абхази
(8600 км²) а,
Къилба ХӀирийчоь
а (3900 км²); уьш йоцуш — 57 200 км²
(ингалс.)
Обаман Администрацин, хьалха санна, ойла чӀогӀа цхьаьна ца йогӀу Гуьржийчоьнан хьокъехь Россин правительствоца. Тхо кхойкхуш ду Российга гуьржийн Абхази а, Къилба ХӀирийчоь а мехкийн оккупаци сацаяр, цуьнга терра болх беш ду Россин правительствоца, регионера тӀеман эскалаци кхин тӀе сацорхьама. Тхох тешаш хилира цхьацца тешам чӀагӀбаран тӀекхетачу гӀуллакхийн, масала Лакхарчу ларсера доза дӀаделлар, шина махкана йукъара дуьхьала йолу чартеран рейсаш йан бакъо йалар, кхин дӀа а болх беш ду дар-дацарш сацадаран а, реакци йаран а Механизмаш чӀагӀйеш, ьржийчоьн оккупаци йина шина регионе дуьненайукъара тӀехьовсурш йухаберзош.
Дуьххьарлера йоза
(ингалс.)
The Obama Administration continues to have serious disagreements with the Russian government over Georgia. We continue to call for Russia to end its occupation of the Georgian territories of Abkhazia and South Ossetia, and in parallel have worked with the Russian government to prevent further military escalations in the region. We have witnessed some incremental confidence building measures, such as opening the border at Verkhniy Lars and allowing direct charter flights between the two countries, and continue to press for the strengthening of the Incident Prevention and Response Mechanisms and a return of international observers to the two occupied regions of Georgia
29
«Са-Картвело» — «Картвелийн мохк» (гуьржийн мохк). «Картли» а, «картвели» а («Гуьржийчоьн» а, «гуьржийн» а шеш йоккху цӀе) терминаш дуьххьала хаало XI бӀешеран историкан Джуаншериани Джуаншеран «Вахтанг Горгасалан дахар» кхолламехь («Картлис цховреба» тептаран дакъа— ма-йаздарра: «Гуьржийн дахар», «Картлин дахар»). Джуаншериани Джуаншеран «Картли» а, «картвели» а идентификаторш цхьацца меттигашкахь тӀеэца деза Малхбален Гуьржийчоьнан бахархойн цӀе санна, иштта меттиг йу Мровели Леонтийн кхолламехь (делахь а Джуаншеран кхолламехь и маьӀна хӀинца алсама ду).
Хьосташ
Атлас мира: Максимально подробная информация
Руководители проекта: А. Н. Бушнев, А. П. Притворов.
— Москва: АСТ, 2017.
— С.
42.
— 96
с.
— ISBN 978-5-17-10261-4.
The World Factbook. Country profile: Georgia.
(инг.)
ЦРУ
США
(2012).
ТӀекхочу дата: 2012 шеран 6 сентябрь.
Архивйина
2015-10-16 —
Wayback Machine
Jacques Leclerc.
Géorgie
(фр.)
Университет Лаваля
(29 sept. 2011).
ТӀекхочу дата: 2012 шеран 6 сентябрь.
Архивйина
2012 шеран 14 октябрехь
Архивйина
2012-12-25 —
Wayback Machine
Цитатийн гӀалат:
тег нийса йац; кху
Нацстат2018
тӀетовжаран текст йазйина йац
Цитатийн гӀалат:
тег нийса йац; кху
Перепись2014
тӀетовжаран текст йазйина йац
Международный Валютный Фонд
, World Economic Outlook Database, April 2015
Всемирный банк
The World Bank in Georgia. Overview
(данные за 2018)
Human Development Indices and Indicators 2019
(инг.)
Программа развития ООН
— Доклад о человеческом развитии на сайте Программы развития ООН.
Хасаханов А.
Гуьржийчу боьду некъ…
(нохчийн).
— Соьлжа-ГӀала:
Даймохк
газет, 2016.
— 18 август
№ 93
).
Закавказье
Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.).
СПб.
, 1890—1907.
Закавказье
//
Большая советская энциклопедия
[в 30 т.]
/ гл. ред.
А. М. Прохоров
— 3-е изд.
: Советская энциклопедия, 1969—1978.
Закавказье
//
Большой энциклопедический словарь
/ Гл.
ред.
А.
М.
Прохоров
— 1-е изд.
Большая российская энциклопедия
, 1991.
ISBN 5-85270-160-2
Закавказье
//
Большая российская энциклопедия
[в 35 т.]
/ гл. ред.
Ю. С. Осипов
: Большая российская энциклопедия, 2004—2017.
Британника
ООН: географические регионы и страны мира
ЦРУ: Ближний Восток - Грузия
Архивйина
2015-10-16 —
Wayback Machine
National Geographic - Asia
National Geographic - Europe
CIA — The World Factbook — Middle East
Архивйина
2017-04-28 —
Wayback Machine
Oxford Reference Online
Merriam-Webster’s Collegiate Dictionary
www.worldatlas.com worldatlas.com
The European Union_ Other European countries
BBC Europe: Georgia country profile
Georgia country profile
Русская Служба BBC. Грузия: краткая справка
Европейский парламент
Резолюция Европейского Парламента 2014/2717(RSP)
, 17 июля 2014-го:
…в соответствии со статьёй 49 Договора о Европейском Союзе Грузия, Молдавия и Украина — как и любые другие европейские государства — имеют европейскую перспективу и могут стать членами Союза при соблюдении принципов демократии…
Дуьххьарлера йоза
(ингалс.)
…pursuant to Article 49 of the Treaty on European Union, Georgia, Moldova and Ukraine — like any other European state — have a European perspective and may apply to become members of the Union provided that they adhere to the principles of democracy…
ОБСЕ не желает признавать новые реалии на Кавказе, считает МИД РФ
Архивированная копия
(бил-боцу.)
ТӀекхочу дата: 2014 шеран 5 сентябрь.
Кху чуьра архивйина
оригиналан
2014 шеран 13 октябрехь
Архивйина
2010-07-14 —
Wayback Machine
U.S.-Russia Relations: «Reset» Fact Sheet
Председатель Европейской Комиссии призвал Грузию внести официальную заявку на вступление в ЕС
Архивйина
2016-03-04 —
Wayback Machine
Признание независимости Абхазии и Южной Осетии
(оьрс.)
РИА Новости
(20120826T0930+0400Z).
ТӀекхочу дата: 2019 шеран 28 июнь.
Также признали Абхазию и Южную Осетию независимыми Вануату и Тувалу, которые в 2014 году отозвали своё призвание.
Сирия признала независимость Южной Осетии и Абхазии
(бил-боцу.)
ТАСС.
ТӀекхочу дата: 2019 шеран 28 июнь.
Сирия признала независимость Абхазии и Южной Осетии
(оьрс.)
РИА Новости
(20180529T1229+0300Z).
ТӀекхочу дата: 2019 шеран 28 июнь.
Мариам Лордкипанидзе
Георгий Отхмезури
. «Осетины в Грузии»
К тому же Шида Картли — один из центров грузинской государственности и культуры. Ещё в III веке до н.э., когда царь Картли Фарнаваз провел административную реформу и разделил государство на эриставства (саэриставо), регион стал эриставством, но не рядовым, а «главой всех эриставов»3. Такая же административная структура (с небольшими изменениями) засвидетельствована в период всего Средневековья, например во второй половине V века Шида Картли — глава «всех эриставов»...
КиберЛенинка:
Peradze, Gregory. «The Pilgrims' derivation of the name Georgia». Georgica, Autumn, 1937, nos. 4 & 5, 208—209
Гурам Гумба. Значение терминов «Грузия» и «Сакартвело» в средневековых источниках
О Государственном байракхе Грузии
(оьрс.)
matsne.gov.ge
(2004 шеран 14 январь).
ТӀекхочу дата: 2015 шеран 13 июнь.
Кху чуьра архивйина
оригиналан
2018 шеран 9 апрелехь
საქართველოს სახელმწიფო ჰიმნის შესახებ - საკანონმდებლო მაცნე
(бил-боцу.)
matsne.gov.ge
(2004 шеран 21 май).
ТӀекхочу дата: 2019 шеран 28 июнь.
Кху чуьра архивйина
оригиналан
2019 шеран 28 июнехь
Vekua A., Lordkipanidze D., Rightmire Ph., Agusti J., Ferring R., Maisuradze G., Mouskhelishvili A., Nioradze M., Ponce de Leon M.
A new skull of early Homo from Dmanisi, Georgia
(en)
// Science.
— 2002.
— Vol.
297.
— P.
85—89.
ISSN
0036-8075
DOI
10.1126/science.1072953
PMID 12098694
Lordkipanidze D., Jashashvili T., Vekua A., Ponce de Leon M. S., Zollikofer C. P. et al.
Postcranial evidence from early Homo from Dmanisi, Georgia
(en)
// Nature.
— 2007.
Vol. 449
— P.
305—310.
ISSN
0028-0836
PMID 17882214
Lordkipanidze D., Vekua A., Ferring R., Rightmire G. P, Agusti J. et al.
The earliest toothless hominin
skull
(en)
// Nature.
— 2005.
— Vol.
434.
— P.
717—718.
ISSN
0028-0836
PMID 15815618
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
История Грузии
— составитель
Бахтадзе, Михаил Александрович
Н. А. Бердзенишвили. И. А. Джавахишвили. С. Н. Джанашия. «История Грузии», I том.
С. Н. Джанашия, Труды, Тбилиси 1952 год, том I.
Г. А. Меликшвили. «О происхождении грузинского народа, Тбилиси, 1952; он же, Наири-Урарту, стр 398
Г. А. Меликишвили. «К истории Древней Грузии». Тбилиси 1959 год.
Из всего вышеизложенного следует заключить, что на такую высокую стадию развития первобытно-общинных отношений (военная демократия) начинала вступать также южная часть грузинских племён... Военная демократия является последним этапом развития первобытно-общинных отношений, и, в то же время, периодом становления классового общества (и государства, как следствие)
ассирин ламастехь
Урартун ламастехь
ширажелтойчоьнан ламастехь
)]]
ассирин ламастехь
урартун ламастехь
Тао-Кларджетское княжество // Советская историческая энциклопедия. — М.: Советская энциклопедия. Под ред. Е. М. Жукова. 1973—1982. (Лит.: Лордкипанидзе М. Д., Политическое объединение феодальной Грузии (IX—X вв.), Тб., 1963 (на груз. яз.)
R. G. Suny.
The Making of the Georgian Nation
// Russian Review.
— 1990-10.
Т. 49
вып. 4
С. 501
ISSN
0036-0341
Toumanoff, Cyrille.
Studies in Christian Caucasian history.
— Georgetown University Press, [1963?].
Geworld.
К 2030 году этнические грузины в Грузии окажутся в меньшинстве
Geworld
(оьрс.)
ТӀекхочу дата: 2019 шеран 22 июнь.
Архивйина
2019-06-20 —
Wayback Machine
Lang D. M.
[en]
A Modern History of Georgia.
London
: Weidenfeld and Nicolson, 1962.
— P.
38.
Цитатийн гӀалат:
тег нийса йац; кху
gsi
тӀетовжаран текст йазйина йац
External Trade
// Geostat.ge
Внешняя торговля Грузии на https://atlas.media.mit.edu
(бил-боцу.)
ТӀекхочу дата: 2019 шеран 22 май.
Кху чуьра архивйина
оригиналан
2017 шеран 24 октябрехь
Бахтуридзе, 2016
, с. 207.
Бахтуридзе, 2016
, с. 211.
Сараджян С.
Армения и Китай: доводы в пользу особого сотрудничества
britannica.com
(бил-боцу.)
(йоьхна хьажорг
истори
(бил-боцу.)
Архивйина
2008 шеран 15 сентябрехь
Литература
Грузия
/ Михалёва Н. А., Аршинова М. А. и др.
//
Григорьев
— Динамика.
: Большая российская энциклопедия, 2007.
— С.
57.
— (
Большая российская энциклопедия
[в 35 т.]
/ гл. ред.
Ю. С. Осипов
; 2004—2017, т.
8).
ISBN 978-5-85270-338-5
Fisher, William Bayne; Avery, P.; Hambly, G. R. G; Melville, C.
The Cambridge History of Iran
— Cambridge:
Cambridge University Press
, 1991.
— Т.
7.
ISBN 978-0521200950
Asmus, Ronald
A Little War that Shook the World
: Georgia, Russia, and the Future of the West
. NYU (2010).
ISBN
978-0-230-61773-5
Gvosdev, Nikolas K.:
Imperial policies and perspectives towards Georgia: 1760—1819
, Macmillan, Basingstoke 2000,
ISBN
0-312-22990-9
Goltz, Thomas
Georgia Diary
: A Chronicle of War and Political Chaos in the Post-Soviet Caucasus
. Thomas Dunne Books (2003).
ISBN
0-7656-1710-2
Jones, Stephen.
Georgia: A Political History Since Independence
(I.B. Tauris, distributed by Palgrave Macmillan; 2012) 376 pages;
Lang, David M.:
The last years of the Georgian Monarchy: 1658—1832
, Columbia University Press, New York 1957
Rayfield, Donald
(ингалс.)
нохч.
Edge of Empires: A History of Georgia.
— 2012.
Бахтуридзе З. З.
Внешняя политика Грузии в контексте развития международных отношений на постсоветском пространстве. Диссертация на соискание ученой степени доктора политических наук.
— Санкт-Петербург, 2016.
Хьажоргаш
Гергара проекташкахь
МаьӀна
Викидошамехь
Тексташ
Викитекехь
Медиафайлаш
Викилармехь
Некъгойтург
Викигидехь
Ков «Гуьржийчоь»
Гуьржийчоь
каталог чохь йу хьажоргаш Open Directory Project (
dmoz
).
Конституция Грузии (24 августа 1995 года)
(оьрс.)
Законодательный вестник Грузии.
ТӀекхочу дата: 2019 шеран 28 июнь.
Georgia
(бил-боцу.)
Кху чуьра архивйина
оригиналан
2008 шеран 7 июнехь
Georgia profile
from the
BBC News
(ингалс.)
Грузия
//
Большая российская энциклопедия
[в 35 т.]
/ гл. ред.
Ю. С. Осипов
: Большая российская энциклопедия, 2004—2017.
Грузия
в энциклопедии «
Кругосвет
Викиларма:
Атлас:
Гуьржийчоь
Тематикийн сайташ
Giant Bomb
Открытый каталог
Дошамаш а, энциклопедеш а
Большая датская
Большая каталанская
Большая норвежская
Большая российская
Брокгауза и Ефрона
Военная Сытина
Ираника
Итальянская
Итальянская
Итальянская
Итальянская
Итальянская
Итальянская
Итальянская
Краткая еврейская
Кругосвет
Ларусса
Литовская универсальная
Малый Брокгауза и Ефрона
Православная
Хорватская
American Cycl. (1879)
Britannica (11-th)
Britannica (12-th)
Britannica (онлайн)
De Agostini
TDV İslam Ansiklopedisi
Treccani
Universalis
Истории Украины
Современной Украины
Швейцарский исторический
Энциклопедия ТАСС
Гранат
Библиографин каталогашкахь
BNE
XX451331
BNF
11948075h
15322920c
116643727
CiNii:
DA14282410
GND
4022406-5
J9U
987007557547605171
LCCN
n82118923
NDL
00577524
00562662
NKC
ge129207
NLG
52221
NSK
000269534
SUDOC:
285347772
027439658
VcBA
494/32881
VIAF:
150029386
3948167322926078000008
316638062
259064533
WorldCat VIAF
150029386
3948167322926078000008
316638062
259064533
Гуьржийчоь
темашкахь
ХӀост
Байракх
Шатлакхан илли
Ӏедалан хӀоттам
Конституци
Парламент
Административан декъадалар
Географи
ГӀаланаш
Коьрта гӀала
Бахархой
Меттанаш
Истори
Экономика
Валюта
Культура
Дин
Кинематограф
Литература
Музыка
Ӏиданаш
Спорт
Дешар
Ӏилма
Транспорт
Йуьртабахам
Туризм
Пошта
Истори а, марканаш а
Телевидени
Интернет
ТӀеман ницкъаш
Арахьара политика
Гуьржийчоь
Европин
пачхьалкхаш
Австри
Азербайджан
¹ ·
Албани
Андорра
Белорусси
Бельги
Болгари
Босни а, Герцеговина а
Ватикан
Йоккха Британи
Мажаройчоь
Германи
Желтойчоь
Гуьржийчоь
¹ ·
Дани
Ирланди
Исланди
Испани
Итали
Кхазакхстан
² ·
Къилбаседа Македони
Латви
Литва
Лихтенштейн
Люксембург
Малта
Молдави
Монако
Нидерландаш
Норвеги
Польша
Португали
Росси
² ·
Румыни
Сан-Марино
Серби
Словаки
Словени
Туркойчоь
² ·
Украина
Финлянди
Франци
Хорвати
Ӏаьржаламанчоь
Чехи
Швейцари
Швеци
Эстони
Йозуш йолу мехкаш
Аландийн гӀайренаш
Гернси
Гибралтар
Джерси
ГІайре Мэн
Фарерийн гӀайренаш
Шпицберген
Ян-Майен
Къобалъянза а, цхьаццамма къобалйина а пачхьалкхаш
Косово
Приднестровье
¹ Цхьа дакъа Европехь йа йеррига Азехь,
дозане хьаьжина
. ² Йеррига Азехь.
Азин
пачхьалкхаш
Азербайджан
¹ ·
Эрмалойчоь
ОвхӀан
Бангладеш
Бахьрайн
Бруней
Бутан
Малхбален Тимор
Вьетнам
Гуьржийчоь
¹ ·
Мисар
² ·
Исраил
ХӀинди
ХӀиндонези
³ ·
Урдан
Ӏиракъ
Иран
Йемен
² ·
Кхазакхстан
¹ ·
Камбоджа
КъатӀар
Кипр
¹ ·
ГӀиргӀазойчоь
Цийн Халкъан Республика
Корейн Халкъан-Демократин Республика
Кувайт
Лаос
Ливан
Малайзи
Мальдиваш
Монголи
Мьянма
Непал
Ӏаьрбийн Цхьаьнатоьхна Эмираташ
Ӏоман
Пакистан
Росси
СаӀудийн Ӏаьрбийчоь
Сингапур
Шема
Таджикистан
Таиланд
Туркмени
Туркойчоь
Узбекистан
Филиппинаш
Шри-Ланка
Къилба Корей
Япон
Къобалъянза а, цхьаццамма къобалйина а пачхьалкхаш
Республика Абхази
Азад Кашмир
Ва (пачхьалкх)
Вазиристан
Ӏиракъан Курдистан
Тайвань
Ломан Карабах
Палестина (пачхьалкх)
Газа секторан
а,
Урдан хин малхбузен хийистан
латта
Тамил-Илам
Къилбаседа Кипран Туркойн Республика
Шан Пачхьалкх
Къилба ХӀирийчоь
Йозуш йолу мехкаш
Акротири а, Декелиа а
ХӀиндин океан чуьра Британин мохк (арх. Чагос)
Гонконг
Аомынь (Макао)
¹ Цхьа дакъа Европехь йа йерриге Азехь,
дозане хьаьжина
. ² Кхин Африкехь. ³ Кхин Океанехь.
Кхин Европехь.
Европин Кхеташо
Декъашхой
Австри
Азербайджан
Албани
Андорра
Бельги
Болгари
Босни а, Герцеговина а
Германи
Желтойчоь
Гуьржийчоь
Дани
Ирланди
Исланди
Испани
Итали
Йоккха Британи
Кипр
Къилбаседа Македони
Латви
Литва
Лихтенштейн
Люксембург
Мажаройчоь
Малта
Молдави
Монако
Нидерландаш
Норвеги
Польша
Португали
Росси
Румыни
Сан-Марино
Серби
Словаки
Словени
Туркойчоь
Украина
Финлянди
Франци
Хорвати
Чехи
Швейцари
Швеци
Черногори
Эрмалойчоь
Эстони
Декъашхойн кандидаташ
Белорусси
Тергончаш
Ватикан
Исраил
Канада
Мексика
АЦШ
Япон
Советийн хилла аре
ВКЪКХ
пачхьалкхаш-декъашхой
Азербайджан
Эрмалойчоь
Белорусси
Гуьржийчоь
Кхазакхстан
ГӀиргӀазойчоь
Латви
Литва
Молдави
Росси
Таджикистан
Туркмени
Узбекистан
Украина
Эстони
Цхьаццамма къобалйина пачхьалкхаш
Абхази
Къилба ХӀирийчоь
Къобалйанза пачхьалкхаш
Приднестровен Молдавийн Республика
ЛКР
ДХР
ЛХР
ДӀаевлла пачхьалкхаш
Гагаузи
НРИ
ГӀирма
Дуьненайукъара
кхолламаш
РБСП
ЛПД
ЭС
ПЮБ
ММЗ
КъПД
ККхБКх
ЕАЭБ
ТБ
ЮЭА
ГУАМ
БА
ПЮАК
ДӀаевлларш
ЮАЦ
ЕврАзЭЮ
Билгалдахарш
: ¹
ВКЪКХ пачхьалкхо-декъашхочо къобал йар хилла 2008 шарахь
² официалан — бертахь Молдавин йукъайахна 1994 шарахь АМКх
Гагаузи
аьлла, амма хьажа
молдавин-гагаузийн дов
ГУАМ декъашхой
Гуьржийчоь
Украина
Азербайджан
Молдави
ГУАМ тергончаш
Латви
Туркойчоь
ГУАМ хилла декъашхой
Узбекистан
Демократин харжаман доттагӀалла
Гуьржийчоь
Къилбаседа Македони
Латви
Литва
Молдави
Румыни
Словени
Украина
Эстони
Франкофони (кхоллам)
Албани
Андорра
Бельги
Бельгин французийн йукъаралла
Бенин
Болгари
Буркина-Фасо
Бурунди
Вануату
Вьетнам
Габон
Гаити
Гана
Гвиней
Гвиней-Бисау
Желтойчоь
Джибути
Доминика
Кабо-Верде
Камбоджа
Камерун
Канада
Нью-Брансуик
Квебек
Катар
Кипр
Комораш
Демократин Республика Конго
Республика Конго
Кот-д’Ивуар
Къилбаседа Македони
Лаос
Ливан
Люксембург
Маврики
Мавритани
Мадагаскар
Мали
Марокко
Мисар
Молдави
Монако
Нигер
Руанда
Румыни
Сан-Томе а, Принсипи а
Сейшелан ГӀайренаш
Сенегал
Сент-Люси
Того
Тунис
Франци
Гваделупа
Гвиана
Мартиника
Сен-Пьер а, Микелон а
Чад
Швейцари
Экваторан Гвиней
Эрмалойчоь
Йуккъерчу Африкин Республика
Пачхьалкхан-тергончаш
Австри
Босни а, Герцеговина а
Гуьржийчоь
Доминикин Республика
Латви
Литва
Мажаройчоь
Мозамбик
Польша
Серби
Словаки
Словени
Таиланд
Украина
Уругвай
Хорвати
Черногори
Чехи
Эстони
ӀЦЭ
Ассоциацин декъашхо
Декъалалла сацийна
ӀаьржахӀордан экономикин цхьаьнагӀуллакхдаран кхоллам
Пачхьалкхаш-декъашхой
Азербайджан
Албани
Болгари
Желтойчоь
Гуьржийчоь
Молдави
Росси
Румыни
Серби
Туркойчоь
Украина
Эрмалойчоь
Пачхьалкхаш-тергамчаш
Австри
АЦШ
Белорусси
Германи
Исраил
Итали
Мисар
Польша
Словаки
Тунис
Франци
Хорвати
Чехи
Кавказан
хӀинцалера пачхьалкхаш а, регионаш а
Пачхьалкхаш
Азербайджан
Нахичевань
Эрмалойчоь
Гуьржийчоь
Абхазин Автономин Республика
Аджари
Къобалянза
ЛКР
Цхьайолу мехкаша къобалйна
Абхази
Къилба ХӀирийчоь
Россин регионаш
Адыгейчоь
ДегӀаста
ГӀалгӀайчоь
ГӀебартойн-Балкхаройчоь
Кхарачой-Чергазийчоь
Краснодаран мохк
Къилбаседа ХӀирийчоь
Ставрополан мохк
Нохчийчоь
Хьост — «
Категореш
Пачхьалкхаш абатца
Советийн хилла аренара пачхьалкхаш
Кавказан а, Чоьхьара Кавказан а мехкаш а, регионаш а
Гуьржийчоь
Къайлаха йолу категореш:
Кхин маьӀнаш: гойту йоца агӀо
Терахьаш-доцуш formatnum аргументашца агӀонаш
Кеп:Webarchive:Wayback Machine тӀе хьажоргаш
Википеди:Cite web (хийца webcitation-архив: deadlink no)
Википеди:Викихаамаш чуьра хьосташ йолу йаззамаш
ISBN хьажоргаш лелош йолу агӀонаш
Википеди:Hatnote:ЦӀен хьажорг йолу агӀонаш
Википеди:Cite web (мотт билгалбина бац)
PMID хьажоргаш лелош йолу агӀонаш
Википеди:Cite web (архиван копи йоцу йоьхна хьажоргаш)
Викидошам тӀе хьажоргаш йолу йаззамаш
Википеди:Шен йаззам чуьра Викитекан хьажорг
Викиларма тӀе хьажоргаш йолу йаззамаш
Викигид тӀе хьажоргаш йолу йаззамаш
Кевнан тӀе хьажоргаш йолу йаззамаш
Билгалдахаршкахь гӀалаташ долу агӀонаш
Kartographer шордар лелош йолу агӀонаш
Гуьржийчоь
Тема тӀетоха
US